Kardeş Türküler "Даймохк (daymoxk)" Слова пісні

Даймохк (daymoxk)

Нанас берахь дуьйнаСуна хьо марзбина,Хьоьга дагардуьйцуш,Хийла ойла йина,

Сан дай баьхна латта,Сан ирс долу Даймохк,Ахь кхиийна,Ахь стаг вина,Со новкъа велира.

Хьуна гена ваьлча,Херехь зама яьлча,Даго лоькху зурмаСуна хьо хетара,

Сан дай баьхна латта,Сан ирс долу Даймохк,Малх бицбина,Нур къагийна,Хьо суна лепара.

ХIора йогIу кханеХьоьца йоккхур, бохуш,Винчу махка кхачаАс сатийсинера,

Сай дай баьхна латта,Сан ирс долу Даймохк,Хьох къастина,Дог диллина,Iалург ца хиллера.

Тут можна знайти слова пісні Даймохк (daymoxk) Kardeş Türküler. Чи текст вірша Даймохк (daymoxk). Kardeş Türküler Даймохк (daymoxk) текст. Також може бути відомо під назвою Dajjmokhk daymoxk (Kardes Turkuler) текст.